Нохчийн меттан к1ира
27.01.2023ХААМ!
Тахана, кхолламан беттан ткъе йалхалг1ачу дийнахь, Нажи-йуьртан к1оштан Гендаргнарчу йуккъерчу ишколехь д1адаьхьира нохчийн меттан шарна лерина цхьаьнакхетар. Цхьаьнакхетар д1ахьуш бара нохчийн меттан хьехархой - Сайдарханов Габисин Пет1амат а, Арзуев 1абдуллин Танзила а. Дакъалоцуш бара иссалг1ачу, итталг1ачу классан дешархой а. Иссалг1ачу классан дешархоша нохчийн маттна лерина байташ йийшира. Иштта, иссалг1ачу а итталг1ачу а классан дешархошна йукъахь къовсам д1абаьхьира. Къовсаман жам1аш дича, толам баьккхира "Ламанан аз" ц1е йолчу иссалг1ачу классан тобано. Таханлера цхьаьнакхетар ч1ог1а пайдехьа хилира дешархошна, х1унда аьлча царна керла дешнаш а, дийнатийн а, орамийн ц1ераш а йевзира.